Нохчийчохь коронавирусаца доьзна хIиттийна бехкамаш шен-шен муьрехь лагIбеш, регион изоляцера йоккхуш омрана куьйгъяздина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, яздо "Новости" агенталло. Кхаа этапехь план тIечIагIйина Кадыровс аьлла, дIахьедина пIераскан суьйранна "Грозный" телехьожийло.
Хьалхо дIахьединера мехкан куьйгалхочо, Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь махкахь болхбан юьйлалур ю нехан хьашташка хьовсу кегий фирманаш аьлла.
"Кадыров Рамзана изоляцин режимера довлучу документана куьйгъяздина. Кхаа муьрехь хир долуш ду иза. Хьалхара этап кху беттан 15-чу дийнахь дIайолош ю, шолгIаниг 27-чохь, кхоалгIаниг - карабогIучу беттан 15-чу дийнахь йолор ю", - аьлла телеканало.
Иштта Кадыровс кхайкхам бина, гIуллакх доцуш дуьйладелла лела мегар дац, "малдала хIинца а хьалхе ду" аьлла.
ТIаьххьарчу хаамашца, Нохчийчохь ун даьлла ву 891 дархо. 502 пациентана дарба хилла, велла 9 стаг.