ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бунт гIаттийначу Гуьмсерчу дарбан цIийнан реаниматолог балхара дIаваьлла


Иллюстративан сурт

Гуьмсан кIоштан дарбан цIийнан коьртачу лоьрана дуьхьал бунт гIатторна бехке ву аьлла Борчашвили Заур балхара сецна бохуш, яздо "Кавказ.Реалии" портало. Иза дIаваьккхина хир ву аьлла тешна бу цуьнан белхан накъостий.

Шайн хиллачу куьйгалхочуьнга, коронавирусан ун даьллачу нахана дарба дан лоьрашна мел оьшу гIирс охьабилла аьлла, тIедожо деза вай бохуш, мессенджерехула аудио яхьийтинчу лоьро-реаниматолого Борчашвилис меттахбаьхна хилла дарбан хIусаман белхахой.

Де хьалха Борчашвилин белхан накъосташа мехкан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане дехар дира социалан машанехула, шайн коллега балхахь витахьара аьлла.

Меттигерчу "Грозный" телеканалехь йоьдучу лерринчу репортажехь дарбан цIийнехь бунт йолийнарш провокаторш бу элира. Иштта гайтира дарбан хIусамехь оьшуш мел болу гIирс кхачаме хиларан тоьшаллаш а.

Протестан масех декъашхочо дIахьедира, шайна хууш дацара ковид яьллачу нахаца болхбан оьшу барзакъ а, гIирс а буйла, цундела ойла а ца еш, паника яьккхинера шаьш аьлла.

Борчашвилигара комментари эца аьтто ца белира "Кавказ.Реалиин".

Маршо Радионо яздира шен агIонашкахь, коронавирусан ун даьлла нах охьабахка кечйинчу Гуьмсан кIоштан дарбан цIийнан лоьраша а, лорйижарша а коьртачу лоьрана, шайна вирусах ларвен тоьаш доцу барзакъ а, медицинан гIирс а, белхан хенахь юург а хилийтар аьлла, тIедожорах.

Дарбан хIусаман холлехь хIоттийна протестан акци лазартнен куьйгаллина а, белхахошна а юкъахь девне йирзира. Дарбан цIийнан хьаькамо шена дохку бехкаш тIе ца дуьтура, шен ницкъ берриг дина ша, ткъа юург лоьраша шайна тIелаца мегар ду бохуш.

Республикан парламентан спикер, коронавирусана дуьхьал къийсам латто вовшахтоьхначу оперативан штабан куьйгалхо Даудов Мохьмад кхечира Гуьмсе, конфликт ерзон Iалашонца. Дарбан хIусаман коьрта лор Энгеноев Ильяс даржера дIа а воккхуш, цуьнан метта могушалла Iалашъяран министр лаьттина Ахмадов Муса а хIоттош, дерзийна дов.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG