Москвахь яхначу буса а, дийнахь а 3 505 коронавирусан ун даьлла стаг къаьстина, Охан-беттан 30-чу дийнера схьа иза тоьлла гайтам бу аьлла, тоьшалла до эпидемица къийсам латтон Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабо. Стигалкъекъа-бутт карабеачхьана ун даьллачийн терахь Москвахь 24 сахьтехь 5-6 эзар хуьлура.
Иштта, яхначу буса Оьрсийчохь кхин а 9 200 стагаца COVID-19 вирус къаьстина 83 регионехь, шайлахь аннекси йина ГIирма а йолуш. Эпидеми юкъаяьлчхьана пачхьалкхехь ун даьллера 272 эзар стагана. Карарчу хенахь вирус кхетта ву 206 340 дархо.
Дарба хилла 63 166 пациентана. Кхелхина 2 537 стаг. ТIаьххьарчу дийнахь а, буса динчу зерашца, велла 119 вахархо.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!