ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харц кехаташ а кечдина, ахча лачкъорна бехкево ГIалгIайчуьра юьртда


ГIалгIайчуьрчу Сунжа-кIоштан Мужечен юьртдас финансийн тардеш документаш а кечдина, бюджетан ахча лачкъийна хилла. ГIуллакх кхин дIа листа кхеле хьажийна аьлла, хаам бина прокуратуро, яздо "Кавказский узел" агенталло. Хьаькаман бехк тIечIагIбина прокуратуро.

Талламчийн версица, 55 шо долчу Мужечен администрацин хьаькамо 2016-чу шеран Чиллан-баттахь, харц сацам а бина, меттигерчу кIоштан Iедалхошка трансформатор эца аьлла, 450 эзар сом бюджете даккхийтина хилла.

Ма-дарра аьлча, юьртан кхеташонехь дийцарш дIадаьхьна а ца хилла, хаам бо ГIалгIайчоьнан прокуратуран сайта тIехь. ТIаьхьо оцу эвлахь белхаш бечу компанино трансформатор эца а эцна, дIахIоттийна хиллера оцу ахчанах. Ткъа шаьш кхочушбинчу белхан барам лакха а баьккхина, ахча къайладаьккхина хилла.

Компанин директор кхалхарца доьзна, цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх ца долийнера.Талламан материалаш Сунжан-кIоштан кхеле листа дIахьажийна, ткъа юьртда бехкеозийна Зуламан Кодексан 292-чу артиклехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG