ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказан курорташ аьхкенан юьххьехь схьайоьллур ю


Нохчийчуьра курорт "Ведучи"
Нохчийчуьра курорт "Ведучи"

Туристикан кластер схьаелла Iалашо ю "Къилбаседа Кавказан курорташ" компанин. "Архыз", "Ведучи", "Эльбрус" курорташ хIинцале а кечамаш беш ю аьхкенан сезонна. ТАСС агенталле компанин пресс-гIуллаккхоша дийцарехь, сезон ша цхьаъ лелан кеп йолчу туризмана лерина хир ю.

"Цкъачунна туристаш тIеоьцуш "Архыз" а, "Ведучи" а, "Эльбрус" а йоцушшехь, "Къилбаседа Кавказан курорташ" компани жигара хьийза, аьхкенна а, тIедогIучу Iаьнна а кечамаш беш. Аьхке йолалучу муьрехь схьаелла там бу курорташ", - аьлла ду хаамехь.

Иштта билгалдоккху, пандемица лаьтта ситуацина тIехула, садаIар курорташкахь ша цхьаъ лелан кепехь хила тарло бохуш а.

"2020-чу шеран аьхкенан сезон ша цхьаъ лелан кеп йолчу туризмана хьажийна хир ю. Дуккха а нах вовшахтухуш, хIиттон массо а барамаш Мангалан а, Товбецан а беттанашкахь совцийна хиларна",- аьлла компанин зорбанчаша.

Карладоккху, Зазадоккху-беттан 28-чохь дуьйна, коронавирусан эпидеми яржарца доьзна Къилбаседа Кавказан курорташ ханна болх бечуьра совцийна ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG