ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь 50 сов медицинан белхахо коронавирусан инфекцица ву


50 сов лор коронавирусан инфекцица ву, доьзалхочух йолу цхьа медицинан белхахо-зуда кхелхира аьлла журналисташка могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана. Цо бахарехь, лоьрашлахь цомгуш нах билгалбохуш даим а мониторинг ю дIахьош.

Шоьтан суьйранна республикерчу оперативан штабо еллачу информацица, Нохчийчохь 918 ву COVID-19 вирус кхетта, царех 529 дархочунна гIоле хилла, 10 велла.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG