ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь COVID-19 уьнах а, пневмоних а кхелхина 700 гергга стаг. Царлахь 40 медик ву


Дагестанехь пневмоних 657 стаг велла, коронавирусан инфекцех - 29, яздо "Кавказ.Реалиис". Цу кепара дIахьедар дина юкъаралхочуьнца Курбанов Русланца йоьдучу шен эфирехь мехкан могушалла Iалашъяран министро Гаджиибрагимов Джамалудина. Министро дийцарехь, махкахь 40 сов медицинан белхахо кхелхина, коронавирусан ун даьллачу а, пневмоница болчу а нахана дарба деш хилла болу.

Гаджиибрагимовс иштта билгалдаьккхина, беллачу лоьрийн доьзалашна 2 миллион 700 эзар сом компенсаци кхачор ю аьлла.

Дагестанехь 13 эзар сов стаг ву COVID-19 вирус кхетта а, пневмони лазар токхуш а аьлла, дIахьедина министро. Царах 7 эзар пациент дарбан хIусамашкахь дарба лелош ву.

Оперативан шатабо шоьтан суьйранна далийначу терахьашца,
Дагестанехь 3 280 пациент вара коронавирусан ун даьлла, царах 1 570 дархочунна гIоле хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG