ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь коронавирус: тIаьххьарчу 24 сахьтехь 10 эзаре кхочуш а дац ун даьллачийн терахь


Коронавирусан ун дьллачийн а, беллачийн а кIиран дийнахь керла статистика Iораяьккхина Оьрсийчоьнан Iедалша. ШолгIа де а, буьйса а ду, официалан зерашца, 10 эзарал лакха ца долу керла ун даьллачу нехан терахь. ТIаьххьарчу информацица, 9 709 ву вирус кхетта, царех 3 855 Москвахь ву. Официалан дIахьедарца, йоллу Оьрсийчохь тIаьхьарчу 24 сахьтехь 94 дархо кхелхина. Верриг а COVID-19 вирус кхетта ву 281 эзарал а сов стаг (дуьненчохь а 2-гIа меттиг бу). Кхелхина 2631 пациент, дарба хилла 67 эзар тIех стагана.

Зазадоккху-бутт бовш карантинан раж юкъаяьккхира Оьрсийчохь, эпидеми ца яржийта. Карарчу беттан 11-чохь пачхьалкхан президенто Путин Владимира дIахьедира, эпидемиологин хьоле хьаьжжина, жим-жима лагIъян еза изоляцин раж аьлла.

Москвахь карарчу хенахь а бахархошна дихкина ду дIасалелар а, чуьра арабийлар а. Делахь а, белхаш болийна гIишлошъярхоша а, индустрин а белхахоша а. Москван Iедалан векалша бахарехь, карантинан раж малъян йолор ю тIедогIу кIира чекхдолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG