ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь COVID-19: велла 3 дархо, ун даьлла 559 стагана


ТIаьххьарчу хаамашца, Къилбаседа Кавказехь коронавирусан инфекцех кхелхина кхо дархо, ун къаьстина кхин а 559 стагаца, яздо "Кавказ.Реалиис".

Оперативан штабан информацица, Дагестанехь велла шиъ, Краснодаран кIоштахь - цхьаъ. Эпидеми яьржичхьана, COVID-19 вирусах Къилбаседа Кавказехь верриг а кхелхинарг ву 158 стаг.

Къаьсттина дукха бу ун даьлларш Ставрополан кIоштахь – 98:

Ставрополан кIоштахь +98 (1 465 ву эпидеми юкъаяьлчхьана)
Краснодаран махкахь +95 (2 605)
Дагестанехь +91 (3 371)
Къилбаcеда ХIирийчохь +74 (2 090)
ГIебарта-Балкхаройчохь +69 (1 759)
Адыгейхь +51 (398)
ГIалгIайчохь +37 (1 480)
Нохчийчохь +25 (943)
Кхарачойн-Чергазийчохь +19 (651)

Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирус яьржина 14 762 бахархошлахь. Оперативан штабан зерашца, Оьрсийчохь бу уьш - 281 752.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG