ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь уьнах 4 стаг велла, 493-ннах лазар хьакхаделла дийнахь-буса


С

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 4 вахархо велла, кхин а 493 цомгуш хилла.

Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, ши стаг Ставропол-махкахь дIаваьлла, цхьацца – Нохчийчохь а, Краснодар-махкахь а. Юьхьанца дуьйна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах велла 162 стаг.

Краснодар-махкахь дукха бу дийнахь-буса цомгуш хилларш – 94 вахархо.

Регионера хьал иштта ду:

  • Краснодар-мохк - керла дархой 94 (2 699 юьхьанца дуьйна)
  • Дагестан +89 (3460)
  • Къилбаседа ХIирийчоь +75 (2 165)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +65 (1 824)
  • Ставропол-мохк +65 (1 530)
  • ГIалгIайчоь +35 (1 515)
  • Адыгей +32 (430)
  • Нохчийчоь +23 (966)
  • Кхарачой-Чергазийчоь +15 (666)

COVID-19 цамгар кхетта ерриг а хенахь Къилбаседа Кавказерчу 15 255 вахархочунна. Ткъа ерриг Оьрсийчохь и терахь ду 290 678.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG