ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу вахархочунна кхел йийр ю Оьрсийчоьнан эскарна дуьхьал тIом барна


Дагестанехь 1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал тIом барна кхеле кхачош ву Нохчийчуьра схьаваьлла Шамбилов Ренат.

Бехктакхаман кодексан 317-гIачу декъо къасточу бехканна жоьпе озйина иза – баьччийн Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанашкахь БотIлихан кIоштахь лаьттинчу тIамехь дакъалацарна.

Талламо чIагIдарехь, Шамбилов юкъавогIуш хиллачу тобано вийна Оьрсийчоьнан 33 эскархо, лазийна 34.


1999 – 2019-чу шерашкахь 3-15 шераш хенаш йиттина набахтешкахь такха Дагестанерчу БотIлихан а, ЦIумадан а кIошташкахь тIемаш бинчу нахах 85-нна, федералан а, дуьненаюкъарчу а лехамашкахь ву 28 стаг.

1999-чу шарахь Марсхьокху-беттан (Август) 2-чу дийнахь Басаевн а, Хаттабан а тобанаша тIелатар дира Гагатль (Гигатль) эвлана, ткъа шолгIачу дийнахь изза дира цара Агвали эвлана.

6-7-чу деношкахь тIеман хиламаш буьйлабелира БотIлихан кIоштахь – нохчийн тобанаша чуяхара Ансалта а, Рахата а эвланашна. Цул тIаьхьа дукха хан ялале болабелира Нохчийчохь 2-гIа тIом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG