ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Черкесскерчу дарбан хIусамехь ву муфтий Бердиев ИсмаьIал


ИсмаьIал-Хьаьжа Бердиев
ИсмаьIал-Хьаьжа Бердиев

Къилбаседа Кавказерчу бусалбанийн координацин центран куьйгалхо, Кхарачой-Чергазийчоьнан муфтий Бердиев ИсмаьIал коронавирус кхетта хиларх йолчу шеконца Черкесскерчу дарбан цIийне кхачийна еарийдийнахь.

Регионерчу цуьнан накъосташа "Кавказ.Реалиига" бинчу хаамца, "цхьана эшшара ву, вочу хьолехь вац" муфтий. ТАСС агенталло бахарехь, Бердиевх коронавирус хьакхаялар гайтина хьалхарчу тесто, амма ца гайтина цамгар шолгIачу тесто.

Цхьаболчу хаамийн гIирсаша Бердиевна хIо луш йолу аппарат хIоттийна аьлла яздина, амма "Кавказ.Реалиин" хьасташа бакъ ца дира иза. "Тхан къамел хилла цуьнца, дика ву иза", - элира цунна герга волчу накъоста.

Бердиев ИсмаьIал кхоалгIа муфтий ву Къилбаседа Кавказехь коронавирусаца доьзна хьахош. ГIалгIайчоьнан муфтий Мартазанов Iабдурахьман кхелхира оцу цамгарх Охан-беттан 11-чу дийнахь, ткъа Дагестанан муфтий Абдулаев Ахьмад деношкахь товелла уьнах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG