ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин: Дагестанехь наха шаьш-шайна до дарба, хеннахь ца боьлху лоьрашна тIе


Дагестанехь коронавирусо ирча хьал хIоттор дозу нах цигахь лоьрашна тIе тIаьхьа боьлхуш хиларца, дарба шайна шаьш дан гIертарца, аьлла Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира. "Говзанчашна" хетачунна тIе а тевжаш, талла деза Дагестанехь изоляцин хьелаш муха лардо, бохура пачхьалкхан куьйгалхочо.

Путина билгалдаьккхира, наха аьрзнаш до, "медицинан гIо даим ца кхочу я ма-оьшшу массанхьа а ца кхочу", аьлла.

Дагестанан могашаллин министра бечу хаамца, "дарбан хIусамашка а кхачаза" пехийн дестарх тIаьххьарчу хенахь велла махкахь 600 сов стаг, уьш бац коронавирусах беллачийн официало яржочу статистикехь. Пневмоних велла цигахь 40 сов лор. Ткъа статистико далош долу вирусах беллачу дагестанхойн терахь дац 29 бен. Пехийн лазарх белла нах коронавирусо байина лору Дагестанерчу лоьраша, аьлла мехкан могашаллин министра.

Дагестанна оьшу "финансийн, гIирсан, кадрийн" гIо кхачор тIедожийна Iедална Путина. ТIеман министралла а декхарейина цо махкахь ханна медицинан центр елла.

  • ТIаьххьарчу хаамашца, Оьрсийчоьнан регионашлахь 5-чу меттехь ю Дагестан коронавирусо хьовзорца: цамгар гучуяьлла 3 460 вахархочуьнца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG