ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирмин гIезалойн трагеди дагалоцуш, ГIурбан а, Марха досту а денош пачхьалкхан дезденош кхайкхийна Украинехь


Украинин президент Зеленский Владимир
Украинин президент Зеленский Владимир

Украинин президент Зеленский Владимир Стигалкъекъа-беттан 18-чу дийнахь цхьаьнакхийтира ГIирмин гIезалойн лидершца. Цо кадаман дош элира гIезалошна Сталинан Iедало депортаци йича беллачийн хьокъехь.

ГIирмера гIезалой махкахбаьхна де ерриг а Украинина Iовжам бина де ду, гIирмахойн сий деш, ша ГIурбан а, Марха досту а денош пачхьалкхан дезденош кхайкхор ду, аьлла Зеленскийс, хаам бо Украинин президентан пресс-векалто.

76 шо хьалха, 1944 шеран Стигалкъекъа-беттан 18-чу дийнахь Сталин Иосифа массо а гIирмин гIезалойн ницкъаша махках а баьхна, бажа лелочу цIерпоштан вагонаш чохь дIахьовсийра Юккъерчу Азе.

Эзарнаш нах белира новкъахь, къоман кхоалгIа дакъа – депортацехь. НКВД-но Сталине хьажийначу телеграммехь бохура, 180 эзар сов нах баьхна махках, амма ГIирмин гIезалойн къоман боламо далочу терахьашца, депортаци йиначийн барам хилла 420 ззарнал а сов.

Зеленский Владимира гIезалойн лидершца къамел деш аьлла, "вуно мехала ду" историн и къаьхьа агIо украинахойн тIаьхьенашна йовзийтар.

"ХIора Украинин вахархочо дозалла ден пачхьалкх йилла лаьа вайна. Суна луур дара хIораммо а ша кху пачхьалкхан веза вахархо лорийла, шен халкъан истори а, ламасташ а цунна девзийла. Тхо дешнашца шун дог а эцна, совца ца дохку, тхуна лаьа шуьца хила тхаьш дечуьнца а, низамийн тIегIанашца а", - аьлла Зеленскийс ГIирмин гIезалойн хьалханчашка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG