ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедов Хьабиба Марха достучу дийнахь цIахь совцар доьху дагестанхошка


UFC чемпиона Нурмагомедов Хьабиба шен инстаграмерчу агIонехула доьху дагестанхошка пандемин муьрехь шайн-шайн цIахь совцар, Марха достучу дийнахь вовшашна тIеттIа ца лелар.

Лоьраша бечу хьехамашка ладогIаре, цара боххург даре кхойкху нах спортхочо. Цо тоьшалла дарехь, гергарчех 20 сов стаг кхаьчна цуьнан реанимаце, "царах дукхахберш бац хIинца вайна юкъахь".

Дарбан хIусаме виллинчу шен дегара Нурмагомедов Iабдулманапера хьал а довзуьйту Хьабиба. Халачу хьолехь ву иза, лоьрашна тIе кхачийна вирус бахьанехь, амма кхин а доьхнарг ду иза ишта а дог лозуш хилар, боху дуьненан чемпионо.

Хьалхо Нурмагомедов Iабдулманапан гонерчу цуьнан накъосташа дийцира, иза пехийн шина а агIор пневмони йолуш, ХIинжа-ГIаларчу драбан хIусамера Москварчу лоьрашна тIевигина, цигахь хIо лучу аппаратах воьзна, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG