ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уьнах 7 стаг велла, кхин а 503 цомгуш хилла дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь


ТIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусах 7 стаг велла, керла 503 вахархо цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь.

Коронавирусана дуьхьалоечу Оперативан штабан терахьаша бахарехь, Дагестанехь а, Ставропол-махкахь а кхоккха вахархо кхелхина, Нохчийчохь – цхьаъ. Официалехь верриг а пандемих регионехь велларг ву 169 стаг.

Ун кхетта нах уггаре дукха IаьIна дийнахь-буса Дагестанехь а, Краснодар-махкахь а.

Терахьаш иштта ду:

  • Дагестан – хьалха дуьйна цомгуш болучарна тIекхетта 93 стаг (юьхьанца дуьйна схьа ву 3 553)
  • Краснодар-мохк +93 (2 792)
  • Къилбаседа Х1ирийчоь +77 (2 242)
  • Ставропол-мохк +70 (1 600)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +62 (1 886)
  • ГIалгIайчоь +46 (1 561)
  • Адыгей +31 (461)
  • Нохчийчоь - керла 20 (юьхьанца дуьйна - 986)
  • Кхарачой-Чергазийчоь +11 (677)

COVID-19 уьно верриг а лаьцнарг ву Къилбаседа Кавказехь 15 758 стаг. Ткъа ерриг а Оьрсийчохь, официалан хаамашца, уьно лаьцна 299 941 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG