ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чергазийн къоман бохамах лаьцна къамел дина Туркойчоьнан дипломатин пресс-векало


Чергазий Истамулехь
Чергазий Истамулехь

1944-чу шарахь ГIирмин гIезалой махкахбахар дагалоцуш ша динчу къамелехь Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллин пресс-векала Аксой Хамис хьахийна кхин цхьа проблема а - 19-чу бIешарахь чергазий даймахках бохар.

"Нийсса 156 шо хьалха шайн дайн лаьттанаш тIера ницкъаша бохийна чергазий. Депортацин халачу шерашкахь делла Кавказерчу оцу къоман доккха дакъа. Иза а ю дагалеца хала йолу дерриг а къоман трагеди. Туркойчоь кхета ГIирмин гIезалойн а, чергазийн а лазамех, ларамца дагалоьцу церан белларш. Вайн иэсан цкъа а туьйр боцу юкъара лазамаш бу уьш", - аьлла Аксойс.

ДуьнентIерачу массо а чергазаша (адыгIаша) билгалдоккху шайн Къам Дохийна де Стигалкъекъа-беттан 21-чохь. (1864-чу шеран оцу дийнахь Къилбаседа Кавказ яккхар даздеш, эскарийн гайтам дIабаьхьна чергазийн Кбаада эвлахь Оьрсийчоьнан Кавказерчу инарла Граббе Павела - ред.)

2020-чу шеран Чиллан-баттахь Туркойчуьрчу чергазийн ассоциацийн федерацин куьйгалхоша Туркойчоьнан парламенте кхачийна шайн къоман геноцид къобалъяр доьху дIахьедар.

Чергазийн юкъараллин вовшахтохараллаш даре дайта лаам болуш ю Оьрсийчоьнан Империно 19-чу бIешарахь Причерноморья олучу Iаьржачу х1ордаца Iуьллучу латтанашна т1ехь бехаш хилла вуно дукха бахархой байар геноцид хилар.

И трагеди геноцид хилар даре дира Гуьржийчоьно 2011-чу шарахь. Иза ша цхьаъ бен яц цу тайпа сацам бинарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG