ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIирийчоьнан могашаллин министрах а хьакхаеллачух тера ду коронавирус


Къилбаседа ХIирийчьурчу журналиста Фарниев Заура шен телеграм-каналехула бечу хаамца, мехкан могашалллин министрана Гогичаев Тамерланна коронавирус кхетта хиларх шеко ю лоьрийн.

Шинарахь могуш вацарца доьзна, цIахь сецна иза, Фарниевс бахарехь.

Гогичаевс куьйгалла дечу министраллан пресс-векалто, бакъ ду министр цомгуш хилар, элира "Кавказ.Реалиига", амма билгал ца даьккхира лазар а, министрера хьал а.

Стигалкъекъа-беттан 19-чу денна болчу хаамца, Къилбаседа ХIирийчохь коронавирус карийна 2 314 стагехь. Товелла - 1 105. Кхелхина оцу уьнах 18 вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG