ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа ХIирийчоьнан муфтий коронавирус кхетта хиларца йолчу шеконца дарбан хIусаме кхачийна


Крорнавирус шех хьакхаелла хиларх йолчу шеконца БуьритIерачу республикан клиникан дарбан цIийне кхачийна Къилбаседа ХIирийчоьнан муфтий Гацалов Хьажамурд. Цуьнгара хьал тоаме ду, дарба лело долийна, хаам бира "Кавказ.Реалиига" мехкан могашаллин министраллехь.

Мехкахь ун даржа доладелчхьана схьа бахархой уьнах ларлуш хиларе, изоляцехь Iаре кхойкхура муфтийс Гацаловс. Цо юхьанца дуьйна дайдайтира нахе маьждигашкахь ламазаш динчул тIаьхьа цхьаьна хан яккхар, къаношка доьхура ламазаш цIахь дар. Хьоьхура массо а динан векалшна тезетан барамийн кеп ханна хийцар, доьхура адамашка вовшашка ун дIасадаларх лардалар.

Хьалхо хаам баьржина Къилбаседа Кавказан муфтий Бердиев ИсмаьIал цомгуш хиларх лаьцна. ШолгIа цуьнгара эцначу тесто тIе ца чIагIдина цунах ун хьакхаделла хилар. Пехийн пневмоних велла Охан-беттан 11-чу дийнахь ГIалгIайчоьнан муфтий Мартазанов Iабдурахьман. Корнавирус лайна, товелла цунах Дагестанан муфтий Абдуллаев Ахьмад.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG