ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бер кхачийна беракеманца дарбан цIийне Къилбаседа ХIирийчохь


Исс бутт болу бер Мазалкан кIоштара БуьритIе кхачийна беракеманца Къилбаседа ХIирийчуьрчу лоьраша. Цунна COVID-19 кхетта хиларх шеко ю, элира "Кавказ.Реалиига" мехкан могашаллин министраллерчу пресс-векалто.

"Бер зийна коронавирусана, амма жамI хууш дац цкъачунна. Лаккхара дагар долуш далийна иза БуьритIе, республикан клиникан хIусаме", - дийцира могашаллин министраллехь.

Пехийн цамгар йолуш дарбан хIусамашка диллина ХIирийчохь 16 бер.

Стигалкъекъа-беттан 19-чу денна йолчу информацица, республикехь коронавирус гучуяьлла 2 314 стагехь. Дарбан хIусамашкахь ву царех 124. Лоьрийн гIоьнца цIахь дарба до 1 067-нна. Товелла уьнах 1 105 вахархо, кхелхина - 18.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG