ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пятигорскерчу дарбан цIийнан йиъ хIусам карантинна дIакъевлина COVID-19 бахьанехь


Шина пациентехь коронавирус карор бахьана долуш, йиъ хIусам карантинна дIакъовла дезна Пятигорскерчу гIалин дарбан цIийнехь.

Вуьйцу ши лазархо юьхьанца дарбан цIийне кхачийна хилла деган лазарца, амма тIахьо гучудаьлла царна пехийн цамгар кхетта хилар. Яьхначу тесташа гайтина уьш шайца коронавирус йолуш буйла, хаам бо REGNUM агенталло.

Дарбан цIийнан еа хIусамера медикаш а, цхьацца лазаршна дарба дан чубехкина нах а изоляцин хьелашка баьхна шина кIиранна – иштта ду Роспотребнадзоран низам.

Стигалкъекъа-беттан 19-чу денна йолчу информацица, Ставропол-махкахь 1 530 стагна кхетта коронавирус, велла царех 28.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG