ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 8 стаг, цомгуш хилла кхин а 517


ТIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусах бархI стаг велла Къилбаседа Кавказехь, керла дархо ву 517.

Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, Дагестанехь велла виъ стаг, Къилбаседа ХIирийчохь – кхоъ, Ставропол-махкахь – цхьаъ. Верриг а коронавирусах Къилбаседа Кавказехь велларг ву 177 стаг.

Цамгар хьакхаеллачийн керла а, юьхьанца дуьйна схьа а долу терахьаш:

  • Краснодар-мохк +91 (2 883 юьхьанца схьа)
  • Дагестан +90 (3643)
  • Къилбаседа ХIирийчоь +72 (2 314)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +66 (1 952)
  • Адыгей +64 (525)
  • Ставропол-мохк+59 (1 659)
  • ГIалгIайчоь +44 (1 605)
  • Нохчийчоь +19 (1 005)
  • Кхарачой-Чергазийчоь +12 (689)

COVID-19 юкъаяьлчхьана схьа цомгуш хилла цунах Къилбаседа Кавказехь 16 275 стаг, ткъа ерриг а Оьрсийчохь – 308 705.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG