ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

380 медик ву коронавирус хьакхаелла Къилбаседа ХIирийчохь


Шайн махкахь коронавирус хьакхаеллачу нахах йолхалгIа дакъа лоьраш бу – 380 стаг, хаам бина "Осетия-Ирыстон" телеканалехула социалан страховани ечу фондан меттигерчу декъан куьйгалхочо Айларова Залинас. Оцу медикех 123 шен тептаршка язвина фондо, кестта царна ахчанца компенсаци йийр ю, аьлла цо. Лундолу ахча ду 68 811 сом.

Махкахь коронавирус хьакхаеллачу нахана дарба деш ву карарчу муьрехь 2 882 медик.

Хьалхо "Кавказ.Реалиино" хаийтина ма-хиллара, цомгуш хилла лоьраш БуьритIера хилла ца Iа, бу уьш республикерчу кхечу гIаланашкара а – Бесланера, Ардонера.

Ардонерчу кIоштан дарбан хIусамехь 30 медик цомгуш а хилла, цига кхечу кIошташкара лоьраш хьовсо дезна Iедалан.

Стигалкъекъа-беттан 20-чу денна болчу хаамашца, COVID-19 ун кхетта ву Къилбаседа ХIирийчохь 2 387 вахархо, царех 22 велла, шайлахь массех лор а волуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG