ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь дийнахь-буса коронавирусах тобелларш алсам бу оццу хена чохь цамгар кхеттачу нахал


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан статистико гайтарехь, Оьрсийчохь дийнахь-буса коронавирус гучуяьлла 8 764 стагехь, ткъа товелла цамгарх оццу хена чохь 9 262 стаг.

Коронавирус алссам яржа йоьлчхьана йолчу ханна дуьххьара лахлуш ду цомгуш хиллачийн терахь тобеллачу нехан терахьал. Юьхьанца дуьйна схьа 308 705 стагана кхетта ун Оьрсийчохь.

Официалера болчу хаамашца, коронавирусах цомгуш хилла пачхьалкхехь 220 341 стаг. Царех товелла - 85 392. Велла уьнах 2 972 вахархо.

  • Критикашна хетарехь, пачхьалкхан статистика лахъеш хила тарло регионашкарчу Iедалша, цомгуш хиллачийн а, беллачийн а барамаш цабовзийтарца. Тесташ яр массанхьа а дац шуьйра даьржина, велларг, бахьана толлуш, этIа ца войту наха дукха меттигашкахь, боху хаамийн гIирсаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG