ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Темиртау - Алеппо - Вена. Шемахь тIом бинчу казахстанхочунна набахтехь даккха 12 шо хан тоьхна Австрехь


Терроризмаца доьзна зуламаш лелийна аьлла, набахтехь даккха шена тоьхна 12 шо доккхуш ву Шемахь тIемаш бина Казахстанан вахархо Арчаков Мохьмад. Венехь дов хаьттира цуьнан. Казахстанан Iедалша дехар динера, шайн вахархо схьавоьхуш, амма дуьхьало йира Австрино бохуш, яздо Казахстанан Азаттык Радионо.

Арчаков Мохьмад Австрерчу набахтехь хан токхуш волу цхьа ах шо хан а ю. Казахстанера схьаваьлла 30 шо долу жимстаг, Австрехь лаьцна, Венерчу кхелахошна хьалха хIоттийра стохка Мангал-баттахь. Цигахь вехаш вара иза, шена тховкIело а ехнера цо. Бехккъасторхойн кхело луьстуш дара цуьнан гIуллакх, хIунда аьлча, Шемарчу эскархошна дуьхьал герз лелийна ца Iаш, Арчаков бехкевора стаг вен гIортарна а.

Австрин хаамийн гIирсаша яздарехь, цунна дуьхьал дехкинчу бехкашца 10 шарера 20 шаре кхаччалц, я велла дIаваллалц набахтехь яккха хан кхачайора цунна. Темиртаухь вехаш хиллера Арчаков юьхьанца. ХIинца а цигахь ехаш ю цуьнан нана.

Арчаков вевзаш хиллачо бахарехь, массо а санна жимстаг вара иза а, кхин тIех даьлла хIума а доцуш шеца. Ша цецваьллера боху цо, шеца цхьана классехь доьшуш хиллачу цуьнан сурт полисхоша лоьхучийн тептарехь гича а, хаамийн гIирсашкахь терроризмана иза бехкевеш ву аьлла, яздича а.

Арчаков Мохьмад
Арчаков Мохьмад

- Кхиндолу бераш а санна вара иза а. Школехь 3-нна доьшура цо. ТIаккха, 2012-чу шарахь дара иза, я 2013-чу шарахь дара- дуьхьал кхийтира иза суна, маж охьа а хецна, коьртахь пес а йолуш. Тхо долчахь массо а бусулбанаш ма лелий иштта. Цхьанхьара-м ша цIа веана бохура цо. Цул тIаьхьа масех шо даьлча газета тIехь дийшира ас, террорхо санна иза лоьхуш ву аьлла. 2017-чу шарахь къоман кхерамзаллан урхаллан белхахоша тIекхайкхира со цунах лаьцна хеттарш дан. Тхан йоллу классера иза цхьаъ вара, оцу гIуллакхашна юкъа вахана. Адамо ша лохуш ма бу шен некъ. Цхьаммо корта дIабаьхьна ма хилла цуьнан, ша цига воьдуш ван а ма вац. Дахарехь цхьаъ лелош хила везаш ву стаг. Нагахь санна, кетIахь кегийрхой вовшахбетталуш, хевшина Iийча, царна цхьаъ тIевогIу, болх бе шайца олу. Нагахь санна, стеган дахарехь дерриг а дика делахь, иза цхьанхьа а ваха гIертар вац. Шен цIе ца яккхар а дехна, иштта дийцира Арчаковца цхьана доьшуш хиллачу жимчу стага.

Азаттык Радионо схьалехира Арчаковн нана, амма иза дуьхьал хилира къамел дан. Бакъду, шен кIантера даьлла бохург "цо дина хила йиш яц" аьлла, дIахьедира цо. Нанас бахарехь, Мохьмад 6 шо хьалха Европе дIа а вахана, цигахь "ваха виссинера, доьзал а кхоьллина".

ШЕМА —​ УКРАИНА —​ АВСТРИ

Арчаков Мохьмад лоьхуш волу цхьа шо хан хилла а ца Iара. Юьхьанца меттигерчу полицино лийхира иза, зорбанашкахь цунах лаьцна яз а деш. Цул тIаьхьа республикан тIегIанехь. Эххар а Интерполехула лаца кхайкхийра иза.

Цуьнца цхьана хIетахь дуьненаюкъарчу лехамашкахь вара Карагандинскан кIоштара кхин а пхи вахархо. Бара царлахь РахметовгIеран вежарий а. Жимахверг тIаьхьо йийсаре лаьцча Казахстанан къайлахчу сервисаша даймахка валийра Шемара. Карагандан кхело набахте хьажийна иза исс шарна.

"Террорхойн организаци юкъа нах ийзорна" аьлла, бехкала воьллира Арчаков а, РахметовгIеран ши ваша а санна.

ТIаьхьо кхелан дийцаршкахь къаьстина ма-хиллара, Шемарчу тIамех интерес кхеттера Арчаковн 2013-чу шарахь. ХIетахь вахара иза Москвахула Стамбуле а кхаьчна, цигара дIа Гергарчу Малхбале. Шемахь Iаморашкахь хиллера иза. Иштта цо карадерзийнера тIом бар а, кеп-кепара герз тохар а, лелор а.

Шемара Алеппо
Шемара Алеппо

Талламчийн версина тIе а товжуш, Австрин зорбанаша яздора, 2013-чу шеран Марсхьокху-баттера 2015-чу шеран Лахьан-батте кхаччалц масийттазза Шема вахана хиларх Арчаков. Цигахь пачхьалкхан президентан эскаршна дуьхьал тIемаш бина ву иза, "Исламан пачхьалкх" шех олучу организцина ваIда динчу "Кавказан Эмират" цIе йолчу тобанхошца. Иштта цо дакъалаьцна Хаританехь а, Алеппохь а лаьттинчу тIемашкахь а.

2014-чу шеран Дечкен-баттахь Туркойчу юхавогIура иза, "саццаза бинчу тIемех меттаван". Юха а цхьа хан яьлча Шема дIаваханера. Пачхьалкхан къилбаседанехь боьлхучу тIемашкахь чевнаш йира цунна. Цул тIаьхьа шена дарба хиллачул тIаьхьа кхин юха а ца ваха веддера иза Украинехула Австри.

ХIУН ДАРА ЙОЬДУЧУ КХЕЛЕХЬ

2017-чу шеран Зазадоккху-баттахь Казахстанерчу къайлахчу сервисаша хаам бинера Австрин Конституци Iалашъяран а, терроризмаца къийсам латточу а Федералан урхалле, церан пачхьалкхехь вехаш тIемало лаьттина стаг хиларх шеконаш ю шайн аьлла. Куьгийн таммагIашца а, суьрташца а къаьстира, вуьйцург лехамашкахь волу Арчаков хиллийла.

ТIаьхьа гIуллакх луьстучу заманчохь хиира, Арчаков 2015-чу шарахь дуьйна Австрехь вехаш хилар. Ша дуьненчу валарх харц кехат хиллера цуьнгахь, иштта машен лелон бакъо а хиллера харцонца.

Австрин зорбанаша дийцарехь, шен доьзалца цхьана вехаш хиллера Арчаков, цхьанхьа а балхахь а воцуш, амма социалан ахча а кхачош хIора баттахь. Шена тховкIело йоьхуш, чуделлачу кехат тIехь билгаладьккхина хиллера цо, динца доьзна Оьрсийчохь тIаьхьабевлла лелаш бара шена аьлла.

Венера полици
Венера полици

Кхелехь прокуроро дIахьедарца, ша Австри сехьа а валале, дозаллица социалан машанашкахь зорбане даьхна хиллера Арчаковс Шемахь даьхна суьрташ. Шена йинчу чевнех а цхьана дийцина хиллера цо масех онлайн-контакташкахь, "террорхойн организаци язъеш хиллера цо, цуьнан могIарш дуза Iалашонца".

Дерриг а Арчаковс тIе ца дуьтура. Цо чIагIдора, ша "Кавказан Эмират" тобанехь хилар, амма даIишхойн идеологина "тIетайна вацара" ша бохуш. Меттигерчу бахархошна гIо дан ваханера ша аьлла цо Шема. Иштта бакъ ца динера цо, ша адамашна герзаш диттина бохург а. ХIаваэ кхийсара ша герз аьллера цо, "мостагIчун эскарш къахкош".

Стохка Мангал-беттан 27-чохь кхело шен вердикт йовзийтира. Эха дийнахь вовшашца дагабийлинчу бехккъасторхоша Арчаковн дохковалар къобалдеш, хьесап дира, билггал стаг вен иза гIоьртина хиларх тоьшаллаш цахиларх.

Цунна кхайкхийна 12 шо хан хаамийн гIирсаша тIех кIеда таIзар ду элира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG