ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуев Георгийн дов нийсонца таллар доьху Оьрсийчоьнан Инарла прокуроре "Бесланан Наноша"


"Бесланан Наной"
"Бесланан Наной"

Талорийн тохарша зен динчу нехан Къилбаседа ХIирийчуьрчу "Бесланан Наной" ассоциацино кехат хьажийна Оьрсийчоьнан Инарла прокуроре Краснов Игоре терроризмана ахча латторна бехкевечу Гуев Георгийн дов тергоне эцар доьхуш.

Юкъараллин куьйгалхочо Дудиева Сусаннас дийцира "Кавказ.Реалиига", шайн Iалашо ю махкахочун дов нийсонца таллийтар, аьлла. Ткъа юкъаралле шайн агIолацар дехнарш бу Гуевн ваша а. зуда а.

"Оха зийра, мила ву Гуев Георгий. Гира цо дешначу классан куьйгалхо а, школин хьехархой а, цуьнца классехь дешнарш а. Цара массара а дика вуьйцу иза а, цуьнан доьзал а. ТIаьхьо тхуна хиира цуьнан нанас а Iаьвшинийла террорна буха нисвеллачо Iовшу бала. Тхо кхетта Гуевна боцу бехк тIехьерчабойла. ГуевгIара дийцира тхоьга, мила ву таллам дIахьош, муьлхачу хьолехь ду цунна дуьхьал гIаттийна бехктакхаман гIуллакх. Тхо реза дац жимчу стаганна а, тхешан республиканна а тIе и Iаьржа IиндагI дожадайта", - элира Дудиева Сусаннас "Кавказ.Реалиига".

Гуев шо хьалха лаьцна Москвахь. Юьхьанца иза бехке вора ДАIИШерчу террорхошна 50 миллион сом хьажорна. ТIаьхьо и ахча лахдира 7 200 соьме кхаччалц. ХIинца а лаьцна латтош ву Гуев.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG