ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн студенташна "проблемаш йохур ю" шаьш аьлла Нохчийн университетан хьехархоша


Социалан машанашкахь цхьана шайн профессорах лаьцна мемаш ехкинчу студенташна "проблемаш хуьлуьйтур ю" шаьш, аьлла Нохчийн университетан масех хьехархочо.

Дерриг а доладелла, дешаран тест кхочуш ян луш йолу хан (цхьана жоьпанна – ах минот) шайна кIезиг ю, аьлла, студенташ леткъича, проректора Ярычев Насруддис деллачу жоьпа тIера. Тест кхочуш ян елла хан дуккха а ю, "цхьана секундехь, статистико бахарехь, дуьнентIехь ялх зуда ле", аьлла профессора.

Ярычевс аьллачух беламе суьрташ дахка буьйлабелла машанашкахь студенташ. Мемашна дуьхьал байт язйина Ярычевс, дешархойх "некъан йистошца Iуьллу чан", "манкурташ", "баланийн ирча уьйригаш" а олуш. Амма байто жигардаьккхийтина студенташка мемош яхкийтар.

Беламе суьрташ дахкар сацадайта гIоьртина Ярычевн коллегаш – шаьш студенташна дешарца проблемаш йийр ю, шайна "агIонашкахь, статусашкахь Ярычевна карикатураш яхкар кхидIа дахлуш гахь", аьлла.

Проректорах боьлуш, самукъане суьрташ дохкуш бу студенташ кхидIа а, амма церан авторш хIинца ца хIуьтту шаьш довзийта, элира "Кавказ.Реалиица" къамел динчу Нохчийн университетан дешархоша.

"Кавказ.Реалиино" дуккхаза а дийцина Нохчийчуьрчу Iедало студенташ цхьацца политикан, къинхьегаман я спортан барамашка лехкарх лаьцна. Делахь а, Iедалхоша иза бакъ дац олу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG