ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

13 стаг велла, кхин а 516 вахархо цомгуш хилла коронавирусах Къилбаседа Кавказехь


Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, Дагестанехь велла пхи стаг, Къилбаседа ХIирийчохь – виъ, Ставропол-махкахь - шиъ, ГIалгIайчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а – цхьацца.

Ун даьржичхьана цунах велларг ву регионехь 190 стаг.

Уггаре дукха бу дийнахь-буса цомгуш хилларш Дагестанехь - 103:

  • Дагестан +103 (3 746 эпидеми яьржичхьана схьа)
  • Краснодар-мохк +91 (2 974)
  • Къилбаседа ХIирийчоь +73 (2 387)
  • Ставропол-мохк +69 (1728)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +68 (2 020)
  • ГIалгIайчоь +43 (1 648)
  • Адыгей +36 (561)
  • Нохчийчоь +21 (1 026)
  • Кхарачой-Чергазийчоь +12 (701)

Юьхьанца дуьйна Къилбаседа Кавказехь коронавирусах цомгуш хилла, официало бахарехь, 16 791 стаг, ткъа ерриг а Оьрсийчохь - 317 554.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG