ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь 92 лоьранна кхетта COVID-19


Мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан коронавирусах цомгуш болучаьрга хьажа вахана Соьлж-ГIаларчу дарбан хIусаме.
Мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан коронавирусах цомгуш болучаьрга хьажа вахана Соьлж-ГIаларчу дарбан хIусаме.

"Грозный" телеканалехула Нохчийчоьнан могашаллин министран гIовса Гадаев Iалама хаам бина, махкахь коронавирус хьакхаелла 92 медиках, аьлла.

Цо бахарехь, оцу лоьрех дукхахберш, то а белла, шайн белхашкахь бохку. Амма Гадаевс ца хаийтира, маса царех дарбан хIусамашкахь Iуьллу, мел дукха бу белларш.

Хьалхо баьржинчу хаамца, мехкан орцан медицинан коьртачу лоьран гIовс Айдамиров Рамзан велла. Парламентан спикера Даудов Мохьмада дийцира, республикерчу цхьана дарбан хIусамехь берах йолу медик елла, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG