ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоьно дарба дан чубуьтур бу кхечу мехкийн бахархой, амма керлачу низамашца 


Туркойчуьра лоьраш
Туркойчуьра лоьраш

Туркойчоьнан могушалла Iалашъяран министралло хаам бина, карарчу беттан 20-чохь дуьйна шайн пачхьалкхерачу доларчу клиникаша 31 махкара бахархой дарба дан тIеэца болор бу аьлла, яздо гIиргIизойн Азаттык Радионо. Билгалъяьхну пачхьалкхашлахь ю ГIиргIизойчоь а. Амма хууш дац лоьрийн дарба оьшу гIиргIизой пачхьалкхан квоташца маца кхочур бу Туркойчу.

Туркойн могушллин министралло хIоттийначу тептарехь ГIиргIизойчоь йоцург а ю - Оьрсийчоь а, Казахстан а.

Оцу юкъанна, официалан Хонкарас билгальдьккхина, шайн махка чубахка йиш хир ю, COVID-19 вирус яц шайца аьлла, карахь тоьшаллин кехат долу нах.

Цул сов, пациенташ декхаре хир бу кемана ховшале шогачу талламах чекхбовла. Цомгашчу стагана улло ваьлла шина накъостал сов адам хила дезаш а дац.

Туркойн дарбан хIусамийн дуьненаюкъарчу клиенташца болх бечу "Компас" компанин куьйгалхочо Жолчиева Лилис бахарехь, керлачу тIедахкаршца мах а тIекхеташ бу:

-Кху деношкахь соьца зIене боьвллера, дукха хан йоццуш гIиргIазойн а, таджикийн а дозанехь хиллачу тасадаларшкахь чевнаш йинчу цхьана дозанхочун гергара нах. Шайн стаг ара а ваьккхина, цунна дарба дан аьтто лоьхуш ду шаьш бохура цара. Карарчу хенахь, шайна оьшу клиника къаста а еш, иза дIавига ахча вовшахтухуш бу уьш. Туркойчуьрчу дарба даран керлачу низамех ас дийцира царна. Масала аьлча, нагахь санна, катоьхна операци ян езаш иза велахь, цунна леррина кема лур ду, иза дIавига. Бакъду, хIумма а кIезиг мах бала ца деза тIаккха. Казахстанера валийра дукха хан йоццуш цхьа пациент, 120 эзар долларшкахь ахча охьадиллира цара. Суна хетарехь, изза мах хила тарло ГIиргIизойчуьра а. Ткъа сихо йоцчу наха, дуьненаюкъара рейсаш схьаеллалц собар дан дезар ду.

ГIиргIизойчоьнан а, Туркойчоьнан Iедалхошна юкъахь 2014-чу шарахь хиллачу бертаца, хIора шарахь гIиргIизойн 100 вахархочун пачхьалкхан квотаца таро хир ю туркойн клиникашкахь могушалла меттахIоттон.

Стохка Стигалкъекъа-баттахь куьйгъяздира 150 пациентана квота кхачочу протоколна тIе. Могушалла Iалашъяран министраллан дуьненаюкъарчу декъан куьйгалхочо Масалиев Османа бахарехь, цомгаш нах дарба лело тIеоьцуш хиларх хаам кхаьчна цаьрга туркойн коллегашкара, амма гIиргIизой Туркойчу муха дIакхачор бу бохург къастанза дуьсуш ду цкъачунна:

- Туркойчоьно "31 пачхьалкхера пациенташ тIелоцур бу" аьлла хаам хьакхалуш бу, тIаьхьо къастарца, доларчу медицинан клиникех. И бохург хIун ду, дарба дан баха йиш ю медицинан туризмехула боьлхучийн. Ткъа пачхьалкхан квотех оха мехаза вохуьйтучу 150 стагах дерг аьлча, арахьарчу гIуллакхийн министраллера кехат кхаьчна тхоьга оцу хьокъехь. Цу тIехь боху, квотаца богIурш цкъачунна тIеоьцуш бац шаьш. Ткъа маца юха йолор йолуш ю и процедура, официалехь тхоьга хаийтина дац.

Стохка Туркойчоьнан медицинех пайдаийцира 720 эзар гергга кхечу мехкийн бахархоша. Царлахь дукхахберш Гергарчу Малхбалера а, Европера а, Юккъерчу Азера а бара. Медицинан туризм кхиорхьама Туркойчоьнан Iедалхоша дарбан хIусамашна а, клиникашна а таро елира шайн хеннахь оьшу гIирс эца.

ГIиргIазойчуьрчу бахархошца медицинан туризмехула болх бечу «Фидес Трэвел» фирман векало Долапчыоглу ИбрахIима дийцира, Туркойчоьнан керлачу тIедилларша кхечу пачхьалкхийн бахархошна хьалха хIиттон йолчу халонех:

- Туркойчу дарба дан воьду хIора кхечу мехкан вахархо декхаре хир ву коронавирус юй хьожуш ПЦР-тестах чекхвала. Ткъа таро хир юй церан оццул еза анализ дIаяла? Нагахь санна, цуьнца ун къастахь? Туркойчоьно юханехьа дIахьажор ву иза, я 14 денна карантине охьахаор ву. Оцу хаттаршна а жоьпаш цкъачунна доцуш ду. Дукха хьолахь, ГIиргIизойчуьра балош болу дархой чолхечу хьолехь хуьлу, и талламаш бар цара ловр дуй ца хаьа.

Пачхьалкхо еллачу квотаца воьду 150 стаг воцург а, ГIиргIизойчуьра шайн чоьтах Туркойчу воьдург а хуьлу эзар. Къаьсттина онкологин а, ортопедин а, неврологин а, нейрохирургин а сферашкахь хуьлу церан латкъамаш.

Хьалхо ГIиргIизойчуьра цхьаболу пациенташ цIа балийра леррина дахийтинчу "Стамбул-Бишкек" чартеран кеманца. Коронавирусан эпидеми бахьана долуш Туркойчоьнан могушаллин министралло дарбан хIусамашна бакъо еллера, дIа а ца тоьттуш, сихха ян еза операцеш дIаяхьар, ткъа кхин долу дарба оьшучарна дозанаш туьйхира.

Бишкекерчу «Жашоого үмүт» («Надежда на жизнь») юкъараллин вовшахтохараллан куьйгалхочо Ибраимов Урана дийцира, жаннашца проблема хIоьттина Туркойчу бахначу шен махкахойх.

- Жаннашна операцеш яйта бахана цхьаболу пациенташ карантин кхайкха а яле цIа баьхкира. Низамаша ма-бохху, цхьана ханна обсервационан зонашкахь латто безаш бара уьш. Амма царна кхераме дара изоляцехь хилар, хIунда аьлча, трансплантаци йинчул тIаьхьа, хаддаза лоьрийн тергонехь латтон безаш бара уьш кхаа, я ялх беттахь. Ткъа обсервацехь уьш латтор - пациентийн могушаллина кхераме хила тарлора. Iаламат йоккха проблема яра иза. Бакъду, Туркойчу дIабахана дукхахберш цигахь севцира, ситуаци дIанисъяллалц аьлла.

Чолхечу хьолан раж кхайкхийнера Туркойчохь официалехь. Мукъаденошкахь тахана а комендантан сахьт ду цигахь лардеш.

ТIаьххьарчу информацица, COVID-19 ун даьлла 150 эзар сов стаг ву цигахь.Царех 4140 дархо кхелхира.

Карарчу баттахь вирус кхеттачу нехан терахь Туркойчохь лахдаларца хаам бира, дарбан хIусамаша штатан рожехь болх бан юьйлалуш ю аьлла.

Хонкарас официалехь дIахьедарца, Мангал-беттан 1-чу дийнахь пачхьалкхехула лела дуьйлалур ду кеманаш. Туристийн сезон дIайолор ю, оцу сферехь болх беш йолчу меттигаша а шайн белхаш болор бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG