ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн къоманна Кавказан тIамо бина эшам дагалоцуш бу дуьне ма-дду  баьржина беха чергазий


Траурные мероприятия черкесов
Траурные мероприятия черкесов

2020-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 21-чу дийнахь 156 шо кхаьчна бIе шо сов лаьттина Кавказан тIом чекхбаьлла. Дерриг а дуьнентIехула баьржина беха чергазий бу и къаьхьа де билгалдоккхуш.

Интернет-майданашкахь флешмобаш дIахьош бу адыгаш (чергазий) – хIораммо а, халкъанна хилла эшам дагалоцуш, хьалаойу аьрру куьг.

"Тхан ГIебарта-Балкхаройчохь кегийнехан организацин цхьа жима дакъа ду арадаьлла, Тезетан де билгалдоккхуш, интернетехула флешмоб а ю дIахьош, историн хиламаш бовзуьйту видеош а яржайо оха", - дийцира «ГIебартойн прогресс" юкъараллин куьйгалхочо Бешто Аслана "Кавказ.Реалиига".

Миллионашкахь чергазий бехачу Туркойчоьнан гIаланашкахь а ю йоьлхуш акцеш, масала, стаг велча хьош хуьлу зезагийн Iаьржа хIоз биллира Хонкарарчу гуламо Оьрсийчоьнан векалтан цIенна хьалха. Барамаш хIиттира Истамулехь, Рейханлыхь, Анаталехь.

1864-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 21-чу дийнахь Iаьржачу хIордана гена йоцчу Кбаада (Красная Поляна) майданахь тIеман гайтам дIабаьхьина оьрсийн эскарша шаьш ламанхой-адыгаш эшор даздеш.

Чергазаша 19-чу бIешарахь геноцид лайна хилар бакъдинарг яц дуьнентIерачу пачхьалкхех цхьа Гуьржийчоь бен.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG