ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь кхин цхьа лор а велла коронавирусах


Соьлж-ГIаларчу 4-чу дарбан хIусамехь кхелхина Гуьмсерчу кIоштан дрбан хIусаман анастезиологин а, реанимацин а декъан куьйгалхо Жабраилов Бек-Хан.

Иза а, цуьнан кхин цхьа белхан накъост, Гуьмсерчу дарбан хIусаман травматологин декъан коьрта лор Алиев Хьамзат а бутт хьалха кхачийнера лоьрашна тIе, ший вуьйзира хIо лучу аппаратах.

Алиев Хьамзат велира Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь.

Хьалхо баьржинчу хаамо бахарехь, велла Нохчийчоьнан орцан медицинан коьртачу лоьран гIовс Айдамиров Рамзан. Парламентан спикера Даудов Мохьмада дийцира коронавирусах республикерчу цхьана дарбан хIусамера берах йолу лор а кхалхарх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG