ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Прессера: Кадыров сихонца Москва кхачийна, коронавирус кхеттачух тера ду


Кадыров Рамзан, Нохчийчоьнан куьйгалхо, коронавирус хьакхаелла хиларх йолчу шеконца Москварчу цхьана клинике виллина, хаам бо Lenta.ru портало, Телеграмерчу Baza канална тIе а тевжаш.

Официалехь йоцчу информацица, пехийн цамгар кхетта Кадыровна.

Нохчийчоьнан куьйгалхо дарбан хIусаме кхачийна хилар "Интерфаксе" бакъдина Москварчу лоьрийн гонашкахь.

"Кадыровца коронавирус хуьлучух тера ду, медикийн тергонехь ву иза", аьлла агенталлица къамел хиллачо.

Официалехь я бакъдеш а, я харцдеш а дац даьржинарг. Нохчийчоьнан Iедалан информацин урхаллин векалша шайга динчу хаттарна, Znak портало бахарехь, делла жоп иштта ду: «Оха ца ло цхьа а информаци".

Мехкан телерадиокомпанин директора, Кадыровн гIоьнчас Дудаев Ахьмада news095 инстаграм-агIонехь дIахьедина, хаамийн гIирсаша "вониг хилийта луучийн" информаци ю яржош, аьлла.

Хьалхо "Кавказкий узел" портало яздира, Нохчийчоьнан куьйгалхой масканаш а йоцуш го цхьацца барамашкахь, аьлла. Зазадоккху-беттан 25-чу дийнахь Кадыров Рамзана дакъалецира бIеннал а сов нах гулбеллачу барамехь – Соьлж-ГIалахь Искусствон ЦIа схьадоьллуш. Цхьа а вацара гулбеллачаралахь юьхьах маска йоьллина. Охан-беттан 3-чу дийнахь мехкан куьйгалхой цхьаьна ламазаш деш гайтира, масканаш лелор ша Кадыровс тIедожийна делахь а, яцара уьш цаьргахь.

ТЬIаьххьара болчу официалан хаамца, 1026 стагехь карийна коронавирус, велла уьнах махкахь 11 вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG