ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьарамлонаш лелор даьржина ГIалгIайчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Карарчу шарахь 100 сов стаг нисвелла ГIалгIайчохь хьарамлонашна кIел. Оцу хьокъехь хаам бина "Кавказ.Реалиига" мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь.

"104 стаг ву кхушара харцонна буханисвелларг, зуламаш деш ду хан хене мел йолу. Коронавирус яьржинчу беттанашкахь жоьлгаллин керла кепаш юкъаевлла, масала, изоляцин хьал талхийна ахь, гIуда охьадилла, олий, смс йогIу, я хьуна цхьа компансаци ю луш, хьайх лаьцна информаци ло, олу – Iехало нах", - дуьйцу полицин векалша.

Коронавирусана дуьхьал молха ду духкуш, олий, яржочу рекламано тешнабехк бинарш а дукха бу ГIалгIайчохь.

Хьарамлонаш ярца гучудевлла зуламаш, дIадахначу шеран хьалхарчу беттанашца дуьстича, 60% дукха ду махкахь кхушара.

Оцу могIарара зуламаш совдовлар далхадо кхечу регионийн низамхоша а. Къилбаседа ХIирийчохь, масала, тешнабехкаца, Iеха а йина, пенсионере 700 эзар сом банкехула шайна дехьадаккхийтина зуламхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG