ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Курьер. Москвахь юург дIасакхоьхьучу мигрантан цхьа де


Демура Дарьин а, Элькан Александран а "Курьер" филма юкъара сурт
Демура Дарьин а, Элькан Александран а "Курьер" филма юкъара сурт

Москвахь "Яндекс.Еда" сервисан цIарах юург нехан хIусамашка кхачочу Узбекистанерчу жимчу стагах лаьцна яздо "Свобода" Радионо.

"КIиран дийнахь кIезиг болх хуьлу сан, ткъа карантинехь-м хIора де а кIиран ду", - дуьйцу Москварчу "Яндекс.Еда" сервисан курьеро Мухьаммада.

22 шо ду Узбекистанера дуьйна Москва болх бан веанчу Мухьаммадан. ХIинца кхоалгIа кхаьчна иза кхуза. Ша санначу къинхьегаман мигранташца цхьаьна вехаш ву иза шахьарарчу юкъарчу петарахь.

Цуьнан даймахкахь Бухарахь гергара нах биссина жимачу стеган: да а, нана а, кхо йиша а. Сантехкникан говзалла караерзийна цо колледжехь, ткъа болх бан атта хета цунна Москвахь. ХIора баттахь ахча дохьуьйту цо доьзална. Москвахь доккхучу эзар соьмах Узбекистанехь цхьана батте валало, "жижиг а, картолаш а, жIанкаш а, хох а" латтош.

Мухьаммадан дахарерчу цхьана дийнах лаьцна Демура Дарьяс а, Элькан Александра а яьккхина "Курьер" кино.

Вилспетахь дIасакхоьхьу Мухьаммада юург. Болх боцуш висича а, гIала мел ю вилспетахь дIасахехкало жимастаг, шена болх кхачочу апликацин тергонехь хилийтархьама, хIунда аьлча, курьераш дукха бу.

"5-10 минотехь дIасахехкалой, цхьанхьа охьахуий, садоIуш Iа со", - боху цо.

Сахьташкахь Iа иза болх боцуш цкъацкъа. Юккъерчу барамехь аьлча, цхьана дийнахь, 10 сахьтехь, ши эзар сом даккхало цуьнга.

Юург цхьана доьзале дIакхачийча 150 сом ло цунна, ткъа лаххара аьлча, 130 сом. Наггахь нисло кхунна чайнна хIума юьтуш а. Амма цхьана дийнахь Москва-ситехь дийнна эзар сом дитинера цунна.

ХIора денна къахьега йиш ю хьан, нагахь санна бан болх хилахь. ХIинца Мухьаммада кIиранчохь цхьана дийнахь садоIу.

Курьер Мухьаммад
Курьер Мухьаммад

Юург кара ца ло курьеро, "нагахь санна хьан контакт нислахь, оцу сохьта балхара дIавоккху".

Дукхахйолчу ресторанаша чу ца вуьту - юург кечйой, дуьхьал арайоккху цара.

"Макдональдс" олучу кафе чу воьду курьер, шен куьйгашна а, тIоьрмигана а дезинфекци а еш. Маска ю Мухьаммадан, амма кисанахь лелош ю цо иза. Ша цомгуш хиларна ца кхоьру иза: "Стенах кхера веза, цкъа мацца а вала везаш ма ву массо а. Я ас, я ахь хьесап деш ма дац, маца лийр ву стаг. И дерриг а цуьнан кхолламехь яздина ду".

Юург дIасакхоьхьучу сервисан дукхахболчу курьерашна вовшийн бевза - дукха бу царна юкъахь къинхьегаман мигранташ. Дуьхьал кхетча маршалла хоьтту цара вовшашка боьлхуш лаьтташехь. Нагахь санна, болх боцуш хан елахь, къамелаш деш лаьтта.

Можа куртка а йоьхна, можа тIоьрмиг а карахь "Яндекс.Еда" сервисехь бечу белхан дика хIун ду хьуна аьлча, полицино сеца ца бо уьш.

"И дика ду, суна дага а ца догIу, со маца сацийра", - боху Мухьаммада.

Ахча даккха аьтто барна хазахета кIантана Москвахь: "Ахчане диллича - хIаъ, аьттонаш бу кхузахь, ткъа адамашка ладоьгIча, бакъдерг дийцича, дика ца хета суна кхузахь. Кура ду кхузара адам. Сан даймахкахь ахчанца гIуллакх ледара делахь а, амма нах чIогIа дика бу. Суна схьахетарехь, Оьрсийчуьрчу цхьана Москвахь бен дац иштта адамаш, кхечу кIошташкахь догцIена бу нах. Курьерашлахь Оьрсийчуьрчу регионашкара нах а ма бу болх беш", - боху Мухьаммада.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG