Туапсе кIоштан а, Сочи гIалин а имама Шхалахов Батмиза Мархийн дезденош шайн-шайн хIусамашкахь дIадахьар доьху бусалбанашка, хаам бо "Туапсен керланаш" ("Вести Туапсе") газето.
Хьоьху Шхалаховс нахана кешнашка бахар юкъахдитар а, Марха къобалдеш, нахехула дIаса цалелар а.
Стигалкъекъа-беттан 23-24-чу деношкахь досту Марха.
Марха досту де (Iийд ал-Фитр) – уггаре дезачу денойх ду бусалбанашна. Марханаш кхобучу Рамадан-беттан тIаьххьара де ду иза. Оцу дийнахь нах бIеннашкахь лела вовшашка хьошалгIа, Марханаш къобалдеш.