100 стаг чувижо таро йолу лазартни схьайоьллуш бу тIеман лоьраш Дагестанерчу Буйнакскехь, боху "Интерфакс" агенталло.
COVID-19 ун кхеттачу дагестанхошна дарба лелор ду цигахь.
22 машенах лаьттачу ковранахь веанарг ву 100 сов эскархо, шайлахь 70 медик а волуш.
Лазартнин долахь ю пехашна хIо латтаден аппараташ, пациенташ тергалбен монитораш, УЗИ а, рентген а йоккху гIирс. Таро ю тIеман лоьрийн цIий талла а, уьнан битамаш каро а.
Кеп-кепара йолчу информацица, коронавирус яьржичхьана схьа Дагестанехь велла 40-50 медик. Оперативан штабо бахарехь, 3 855 вахархочух хьакхаделла ун, велла 65 стаг.