ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мачон" васт а, дерриг къайладахьар а. ХIунда дуьйцур дац Кадыровс шен цамгарх, нагахь бакъ хилахь а?


Нохчийчуьрчу дарбан цIийнехь Кадыров Рамзан,2020
Нохчийчуьрчу дарбан цIийнехь Кадыров Рамзан,2020

Нагахь санна, коронавирусан ун даьлла хилахь а, хIунда хоуьйтур дац Кадыров Рамзана, дийцина "Настоящее Время" телеканале "Кавказский узел" агенталлан коьртачу редакторо Шведов Григорийс.

COVID-I9 вирус кхетта аьлла, шеконаш йолуш Москварчу дарбан цIийнехь ву Нохчийчоьнан куьйгалхо аьлла, лоьрийн гонашкарчу шайн хьасташна тIе а тевжина, дийца долийра "Интерфакс" а, ТАСС а агенталлаша. Официалан информаци яц, ткъа Соьлжа-гIаларчу эпидемица къийсам латтон Iалашонца кхоьллинчу оперативан штабо дIахьедо, коронавирусан ситуаци "мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша тергонехь латтош ю" бохуш.

Настоящее Время телеканалан къамел хилира "Кавказский узел" агенталлан коьртачу редакторца Шведов Григорийца. Цо дийцира, шен диагнозех хIунда Iорадоккхур дац Кадыровс, нагахь санна цомгуш хилар тIечIагIдахь а. Иштта цо дийцаредира, эпидемино республикехь муха хийцамаш бийр бу а.

"ДУКХАХБЕРШ КОРОНАВИРУСАХ БАЛАРНА КХОЬРУ, КАДЫРОВН ПОЛИСХОЙХ КХОЬРУШ БАЦ"

- Вирусаца йоьзна ситуаци муха ю Нохчийчохь? ХIун ситуаци ю дарбан хIусамашкахь а, муьлхачу хьелашкахь болх беш бу лоьраш а?

- Нохчийчохь коьрта цхьа ши фактор ю, эра дара ас.
Хьалхарниг - шайн ма хуьллу Кремлна хьалха сурт хIотто гIертар, дерриг а кхузахь дика ду, тергонехь латтош а ду, цхьа а сингаттам болуш хIума а дац аьлла. Оцу хьесапо стенан тоьшалла до? Гуьмсехь лоьраш меттахбовларан, шайна коронавирус йолчу нахаца болх бан шаьш уьнах Iалашден гIирс оьшу аьлла. Цул тIаьхьа балхара дIаваьккхира коьрта лор, вайна гира, дарбан цIийнан белхахой чийхош. ТIаьххьарчу шен вистхиларехь царна дуьхьал къамел дира Кадыровс. Оцу къамело цхьа кхин реакци гайтира, цо тоьшалла до-кх, Нохчийчоьнан Iедалхой кийча цахиларан, регионехь цхьа проблемаш хила тарлора аьлла.

Амма кхин цхьа фактор а ю - лело гIерта тоталан контрол. Оьрсийчохь цхьанхьа а йоцу, шога контрол ю иза, ас юьйцурш ницкъаллийн структураш ю, гIожмаш карахь болу полисхой. И контрол, цхьана агIор аьлча, мел а Iаткъаме ю. Оцу къизалло нисдина хIума дац, амма цхьана кепехь пайден ю царна. Вуьшта аьлча, лахъеш йоцучу къизаллина дуьхьал - Iедалхойн авторитет йохайо. Масех де хьалха ша Кадыровс къамел ма дира, Нохчийчохь яьккхина, яржийначу видеон хьокъехь. Дукха нахала юьйлу, полисхойн бехкамаш тIехтуьйсуш, царех уьдучу Нохчийчоьнан бахархойх йоху видеороликаш. Оцу видеоша а тоьшалла до, Iедалхойн авторитет южуш хиларан. Тахана полисхоша бохург ца деш, сеца а ца соьцуш, меттигера бахархой тIехбуьйлуш, дIаоьху.

- ХIунда? ХIун хийцаделла цигахь?

- Кхерам дIабаьлла. Гуьмсехь медперсонало гIаттийначу бунто а гойту, нагахь санна, уггар а хьалха - Кадыровх кхоьруш, шолгIа коронавирусах а кхоьруш хила деза аьлла, дуьстича- уьш хьалха уьнах кхоьру.
Тахана дукхахберш Кадыровн полисхойл а, Iаламат чIогIа кхоьру коронавирусах шаьш кхалхарна.

- Коронавирусан ун даьллачу нехан официалан терахь муха ду?

- Дика ду. Делан къинхетам бу, Нохчийчохь баларш кIезиг хиларна, кхечу регионашка ладоьгIча. Делахь а, царах теша хало ду. Кхеташ ду, Нохчийчоь Дагестанал а жима хилар. Ткъа Дагестанера хазочу зераша, цигахь 650 сов стаг велла, тоьшалла до, ма-дарра аьлча, мел лакхара хила тарло статистика. Къилбаседа Кавказехь статистика иттаннаш шерашкахь шаьш лелош яра. Эпидеми, я пандеми яьржинчу кху муьрехь цIеххьана билггал йолу статистика цигахь гойтур яра бохучух тоьшийла дац.

- Нохчийчохь пневмоница болчу нехан терахьаш девзий хьуна?

-Дера ца девза. Дагестанехь муха тIекхиирий? Министро ша Iорадехира. Цундела журналистийн десант цига дIахьажаяхь а, тхан аьтто хир бац. ХIунда аьлча, хIора керташкахула чекхвуьйлуш, бан безаш талламаш ма бу цигахь. И дерриге а дан тарло гунахь йолчу органаша. Цунна лерина инфраструктура ю Нохчийчохь, ткъа бой-те цара иштта болх? Ца бо аьлла, хета суна.

КАДЫРОВ А, КОРОНАВИРУС А

- ТIаьххьара нахана юкъахь маца хилла ву Кадыров?

- Репортажехь аш дийцина цунах лаьцна, беттан 15-гIа де дар-кх и. Цул тIаьхьа яьхна кадраш а кхача тарло вайга. Цундела билггал ала тарлац, хIунда аьлча, хила мега кхин а хьалхе язйина видеош а, иштта тIаьхьа яьхнарш а. Билггал Нохчийчохь долчух хаа бозуш боцу хаамийн гIирсаш бац вайн

- Оьрсийчоьнан премьер-министро официалехь ша дIахаийтира, могуш воцуш хиларх. Иштта, со гал ца яьллехь, шина министро а даредира, шайна ун даларх. Ткъа Кадыров Рамзанах дерг аьлча, цо хоуьйтур дуй шен диагнозах? Я къайлахьур ду цо, нагахь санна, ун даьлла хилахь а?

- ХIаъ, суна схьахетарехь, Кадыров Рамзан ша шех чIогIа тешаш стаг ву. Ша ницкъ болуш ву, хIуъа а далур долуш ву ша, цхьа а проблема ян а яц бохуш ву иза. Цундела, нагахь санна, ша цомгуш хилча а, Дала маршалла дойла цунна, цо хоуьйтуш дац. Ларамза, жим-жима вайна хиинчу Кадыровн лазарех дагадоуьйтур ду ас. Ала догIу, дукхазза нисделира цу тайпаниг. Мехий детташ ву, шелвелла, сиркхо хьакхаелла, шен декхарш кхечуьнга делла бохуш, дуккха а хезара вайна - 365 дийнахь. "Кавказский узел" агенталлехь оха ларарца, суна хетарехь, 4-5 меттигаш нисбелира, шен декхарш кхочушдар цо кхечуьнга луш. Амма шегарчу хьолах хаийтар дезаш вац иза.

- Цуьнан вастаца доьзна ду-те и?

- ХIаъ, цуьнан "мачон" вастаца доьзна ду. Цкъа делахь, и васт цо ша кхоьллина хиларца доьзна ду, цундела хIинца цуьнца вогIуш хила везаш ма ву иза. Коронавирусаца ша беш болу къийсам муха гойтура цо? Шашлыкаш йоттуш, нахаца цхьанакхетарш а деш, царна мара а ветталуш. Ша дIахIоттийначу карантинан къепе цо ша йохош ма яра. Цундела, нагахь санна, билггал иза цомгуш вуйла вайна хаахь, массарна а дагатосур ду, къаношна цуьнан мараветтавалар. Ткъа уьш ларбан безаш вара иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG