ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ТIех говза" суртдиллархо лаьцна Черкесскехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Черкесскерчу цхьана дешаран хьукматехь болх бен 60 шо долу суртдиллархо лаьцна, шегара дуккха а штампаш, клишеш, урхаллийн мухIарш а дохуш. Кхарачой-Чергазийчуьрчу Iедалан документаш, паспорташ, визанаш кечъеш хилла цо, карийна, масала, цо кечдина Доминикана-мехкан кехаташ а, дийцира республикерчу полицин пресс-векалтехь.

"Таллам берззалц олийла дац, цуьнга шайна документаш кечдайтинчу бахархойх хиндерг", - элира урхаллехь.

Карарчу хенахь дIаса ца ваха, цIахь Iан декхаревина ву суртдиллархо.

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин статистико гойту харц документаш кечдийраш алссам буйла пачхьалкхехь. Масала, 2017-2018 шерашкахь Iорадевлла цара дина иттаннаш зуламаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG