ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Экс-сенатор Арашуков а, цуьнан да а лаьцна латтор дIа ца дахдайтина Апелляцин кхело


АрашуковгIар, Рауф а, Раул а
АрашуковгIар, Рауф а, Раул а

Москварчу апелляцин Хьалхарчу кхело юхабаьккхина сенатор Iийна Арашуков Рауф а, цуьнан да а, кхин кхо фигурант а стаг верна толлучу девнаца доьзна Москва гIалин кхело кхидIа а лаьцна латто бина сацам.

"Москварчу апелляцин Хьалхарчу кхело Мосгоркхелан сацам юхабаьккхина, хьалхалеррачу кхеле юхаталла хьажийна лаьцна латто хан яхъярх долу гIуллакх", - аьлла кхелан пресс-векалта Буданова Любовас.

Дечкен-беттан 30-чу дийнахь, Федерацин Кхеташонехь Инарла прокурореан Чайка Юрийн къамеле ладоьгIуш а Iаш, лецира Кхарачой-Чергазийчоьнан сенатор Арашуков Рауф. Оццу дийнахь Басманан кIоштан кхело санкци елира иза изоляторехь латто.

Талламо АрашуковгIар – да а, воI а – бехке бо даккхий зуламаш дарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG