ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанера лоьраш леткъа шайгарчу баланна


Нехан могашалла Iалашъеш къахьоьгучу медикийн проблемаш йовзуьйту интерактиван карта кхоьллина Оьрсийчоьнан медикийн йозушйоцчу "Лоьрийн альянс" юкъаралло. Оцу хьокъехь "Кавказ.Реалиига" хаам бира проектан куьйгалхочо Коновалов Ивана.

Проект юкъаяьлла дац ши де бен, амма хIинцале 400 арз ду карти тIехь билгалдаьккхина, ткъа кху муьрехь гучудоккхур ду юкъаралло кхин а 400. Царалахь бу Кавказан регионашкарчу медикаша бина а, медикийн эшамех наха бен а леткъамаш.

"Дагестанера кхочу аьрзнаш кеп-кепара ду. Вуно дукха лоьраш белла цигахь. "ЦIечу зонехь" болх барна шайна лур ду баьхна ахча луш дац, шаьш тестех чекх ца доху, уьнах Iалашдала духар, гIирс бац, боху цигарчу медикаша. Делахь а цкъачунна дукха дац Кавказера аьрзнаш, амма хIара юьхь бен яц тхан белхан я интернет а яц юьйцучу меттигашка юьззина дIасакхочуш. Суна хетарехь, кхача йолалур ю тхоьга цигара информаци а", - дийцира "Кавказ.Реалиига" Коноваловс.

Оьрсийчохь лаххара а 9479 медик ву коронавирус шайх хьакхаелла кху тIаьххьарчу баттахь, хаам бо Associated Press агенталло. И терахь гулделла 70 сов Оьрсийчоьнан регионашкарчу бахархошкара баьржачу, прессо бовзуьйтучу хаамийн буха тIехь.

Оццу агенталло бахарехь, 70 сов лор велла пачхьалкхехь, амма цхьаболчу медикашна хетарехь, кхин а сов ду и терахь.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG