ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Вайн паччахь могуш ву". Спикера Даудовс дийцина Кадыров Рамзанан могашаллах лаьцна


Нохчийчоьнан куьйгалхо могуш ву, онлайн-комментаторша кхечу агIор дуьйцуш, даржаден хабарш бух болуш дац. Иштта аьлла инстаграмехула мехкан парламентан спикера Даудов Мохьмада.

"Цхьацца эладитанаш ду… Далла бу хастам, вайн паччахь, Ахьмад-хьаьжин воI Рамзан могуш а ву, маьрша а ву", - тоьшалла дира цо пIераскан дийнахь шен къамелехь.

"Иттех стаг ву, шаьш аьлча хуьулуйтур долу хIуманаш дуьйцуш. Иза бакъ дац шуна, махкахой. Шуна массарна а хаьа уьш муьлш бу. Уьш изоляцехь бу, вайна изоляци дIаяьлча а ер яц дIа церан изоляци", - бохура спикера.

"Цхьацца протенташ юьйцу (Кадыровн пехаш 70% дIалаьцна лазаро, яздира хаамийн гIирсаша – ред.) – иза а бакъ дац шуна", - элира Даудовс.

"Кавказ.Реалиино" хаам бина ма-хиллара, еарийдийнахь коронавирус хиларх йолчу шеконца Москварчу цхьана дарбан хIусаме кхачийна Кадыров Рамзан.

Хаамийн гIирсаша яржайо "диканиг хуьлийла цалуучара" кхоьллина харц информаци, элира хьалхо инстаграмехула "Грозный" телеканалан директора, Кадыровн гIоьнчас Дудаев Ахьмада.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG