ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса 11 стаг велла, 550 цомгуш хилла коронавирусах


Гайтаман сурт

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах кхелхина 11 стаг, кхин а 550 цомгуш хилла.

Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, пхи стаг велла Дагестанехь, шиъ – Ставропол-махкахь, цхьацца - Адыгейхь, Къилбаседа ХIирийчохь, Нохчийчохь, Краснодар-махкахь. COVID-19 яьржичхьана схьа цунах велла 229 къилбаседа-кавказхо.

Массанхьачул дукха бу дийнахь-буса ун кхетта бахархой Дагестанехь.

Иштта ду терахьаш:

  • Дагестан +127 (3 982 юьхьанца дуьйна)
  • Краснодар-мохк +89 (3 155)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +80 (2 171)
  • Ставропол-мохк +74 (1 855)
  • Къилбаседа ХIирийчоь +67 (2 523)
  • ГIалгIайчоь +42 (1 734)
  • Адыгей +31 (622)
  • Нохчийчоь +20 (1 066)
  • Кхарачой-Чергазийчоь +20 (732)

17 840 стагах хьакхаделла ерриг а хенахь COVID-19 ун. Оперативан штабо бахарехь, Оьрсийчохь и терахь ду 335 882.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG