Лаьцна, изоляторехь латточу "Сумма" бизнес-тоба кхоьллинчу дагестанхочух Магомедов Зияудинах коронавирус хьакхаелла, лазар юккъерчу хьесапехь ловш ву иза, хаам бо РБК агенталло.
Информаци елларг ю Магомедовн адвокат Цилюрик Виктория. Цо бахарехь, цхьа бизнесхо хилла ца Iа изоляторехь ун кхетта. "Цомгуш хилларш бу, царалахь ву цунна уллерчу камери чуьраниг а ", - аьлла адвоката.
Магомедов ун кхетта хилар цуьнан гергарчаьрга хаийтина "Лефортово" изоляторехь, уьш цунна тIаьхьабахча.
2018-чу шеран Зазадоккху-баттахь схьалийцира вежарий Зияудин а, Мохьмад а МагомедовгIар а, "Интэкс" компанин куьйгалхо Максидов Артур а. Цара тIе ца эцна шайна тIебаьхьна бехк.
Бехктакхаман дов долош лецна церан банкашкара активаш а, ахча а, долара машенаш а, хIусамаш а. Къоланаш деш, хьалхаваьлла хилла оцу тобанца карарчу хенахь Эмираташкахь къайлаваьлла веха "Глобалэлектросервис" компанин инарла директор Нагаплов Элдар.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ