Стигалкъекъа-беттан 24-чохь, Марха достучу дийнахь, дIакхача тарлуш ду Туркойчуьра Дагестане хьажийна сагIа.
Республикерчу Iедалан векалша бахарехь, Дагестанна гIодар дийцаредира хьалхо Путин Владимира а, ЭрдохIан Реджепа а, ткъа кира махка дIакхочор а, цигахь дIасабекъар а тIедиллина Оьрсийчоьнан могашаллин министрна Мурашко Михаилана.
Дуьненаюкъарчу "ЦIечу ЖIаран" Туркойчуьрчу декъан директора Алтан ИбрахIима хаийтина ЭрдохIанан омрица гуманитаран гIо вовшахтоьхнарг шен хьукмат а, Туркойчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралла а хилар.
Новкъабаьккхинчу киранан мах 2 миллион 600 эзар лира бу (27,5 миллион сом).
Алтан ИбрахIима дийцарехь, 100 эзар кхузза тIекIел тегна масканаш а, 20 эзар уьнах дегI Iалашден комбинезон а, 20 эзар уьнах бIаьргаш ларбен куьзганаш а, хIо кечден 5 аппарат а, санитайзераш а, дуккха а кхин уьнна дуьхьало ен гIирс а бу Туркойчуьра Дагестане хьош.
"Дагестанехь коронавирусо хIоттийна ирча хьал тхуна довзийтира Туркойчохь бехачу кавказхойн диаспораша", - аьлла Алтана.
Туркойчуьрчу диаспорийн 13 федерацино дехна шайн Iедале дагестанхошна гIодар. Туркойчоьно накъосталла дечу пачхьалкхех 28-гIа ю кху муьрехь Оьрсийчоь. РогIехь хир ю Таджикистан, боху туркоша.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ