ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс видео чухула Марханаш къобалдина махкахойн. Амма ша ца гайтина


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, республикан бахархойн Марханаш къобалдеш, видео хIоттийна шен телеграм-канале.

Ша Кадыров гуш вац цу чохь, цуьнан къамелах йоьзна Соьлж-ГIаларчу Жума-маьждигана хьалха яьккхина видео.

Атта хан яцара Мархийн баттанна кхаьчнарг, даьржина лела ун, дукхахберш кхерийна цо – иза кхеташ ду, мохк дика лаьттина коронавирусана дуьхьал, цундела баларш ма-хуьллу лахдан аьтто баьлла мехкан, элира Кадыровс.

Маршо Радионо хаийтина ма-хиллара, коронавирус хьакхаелла хиларх йолчу шеконца еарин дийнахь Москварчу цхьана дарбан цIийне кхачийна Нохчийчоьнан куьйгалхо.

Республикан парламентан спикера Даудов Мохьмада тIаьхьо даржийра, Кадыровн могашаллина кхераме хIумма а дац, аьлла.

Баттахь марханаш а кхаьбна, тахана уьш дерзар даздеш бу дуьнентIера массо а бусалбанаш. Уггаре коьртачех цхьаъ долчу кху дийнахь, хуьлуш ма-хиллара, вовшашна тIетта баха, хьошалгIахь шуьнах кхета йиш ца хилла нехан - ун ду даьржина. Делахь а, интернетехь, массо а социалан машанашкахь го, хеза церан довха дешнаш.

Марха досту де (Iийд ал-Фитр) – уггар дезачу денойх цхьаъ ду бусалбанашна. Марханаш кхобучу Рамадан-беттан тIаьххьара де ду иза. Оцу дийнахь нах бIеннашкахь лела вовшашка хьошалгIа, Марханаш къобалдеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG