ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пандеми йирзинчул тIаьхьа ГIалгIайчу дуккха а туристаш оьхур бу аьлла, тешна бу меттигера Iедалхой


ГIалгIайчоьнан бIаьвнаш
ГIалгIайчоьнан бIаьвнаш

COVID-19 пандеми йирзинчул тIаьхьа шайн республике 50 эзар гергга турист вогIур ву аьлла, тешна бу ГIалгIайчоьнан Iедалхой, хаам бо "Вестник Кавказа" гIирсо.

Республикан туризман куьйгалхочунна Мизиев Бесланна хетарехь, эпидемиологин хьолаца доьзна, шо чекхдаллалц чоьхьарчу туризме бахка са хьаьвзина хир бу нах. Оьрсийчуьрчу туристашна ГIалгIайчоь марзъярхьама махкахь цхьа могIа барамаш вовшахтоха Iалашо ю ГIалгIайчоьнан.

Маршо Радионо яздина ма хиллара, тIаьххьарчу заманчохь Кавказехь туризм кхуьуш ю бохуш, меттигерчу каналаша дийцина а ца Iаш, федералан тIегIанехь а дийца даьккхина. Делахь а, "Отдых в России" журналан а, "Рейтинг" цIе йолчу информацин коммуникацийн Центран эксперташа а 2019-чу шарахь юкъахь хIоттийначу рейтингехь, массо а регионаш а бохург санна, тIаьххьарчу могIаршкахь нисъелла.

67-чу меттигехь ю ГIебарта-Балкхаройчоь, Нохчийчоь - 71-чу, Къилба ХIирийчоь – 76-чу, Кхарачойн-Чергазийчоь – 78-чу, ГIалгIайчоь 81-чу меттигехь.

ТIаьххьарчу информацица, ГIалгIайчохь 1 778 дархо ву коронавирусан ун даьлла. Дарба хилла 779 пациентана, велла 38 вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG