ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вевзаш волчу футболистана Бакаев Зеламхана COVID-19 вирус кхетта


"Спартакан" фанаташ
"Спартакан" фанаташ

Москварчу "Спартак" тобан футболхочуьнца, ГIалгIайчуьра схьаваьллачу Бакаев Зеламхаца коронавирусан ун къаьстина аьлла, яздо "Коммерсанто". Цхьана а кепара билгалонаш йоцуш токхуш ду ша лазар, шена коронавирусо бина эшам бац, аьлла Бакаевс.

Стигалкъекъа-беттан 21-чу дийнахь "Спартакан" ловзархой а, тренерийн штабан а, тоба ловзаршна кечъечу персоналан а декъашхой коронавирусан тестех чекхбехира.

Де хьалха инстаграмерчу шен аккаунте язбеллачаьрга, церан марханаш къобалдеш, вистхилла футболист. Иштта, цо дехар дина массаьрга а, цамгарш ца яржийтархьама чохь совцахьара аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG