Охан-баттера схьа дуьйна таханалерачу дийне кхаччалц чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахоша Нохчийчохь машенаш схьайохуш ю карантинан раж йохийначу нахера. Ткъа схьаяьхна машенаш к1оштийн полицин дакъошкарчу паркингашкахь дIахIиттийна ю. И хаам бина меттигерчу бахархоша. КIошташкарчу полицин дакъошкарчу паркингашкахь латтош ю шоферашкара схьяьхьна машенаш, яздо "Кавказ.Реалиино".
Болчу хаамашца, 200 гергга Нохчийчуьра вахархо таро йоцуш ву шен машен юхаерзо. Машенийн долахоша дицарехь, 10 эзар соьмера 20 эзаре гергга сом ахча охьадилла деза цара, нагахь санна, машен юхаезаш белахь. ГIуда такха таро яцахь, республикера изоляцин раж ерззалц собар дан дезар ду бахархоша.
Карантинан раж йохийначарна гIуданаш детта полицина бакъо юьтуш чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан а, Москван куьйгаллин а бертана реза хиллачу Оьрсийчоьнан премьер-министро Мишустин Михаила куьг таIийра Охан-беттан юьххьехь. Изоляцин низамаш лар ца ден шофераш, омраца а догIуш, машенех баха йиш ю, иштта 5 эзар сом гIуда тIедожо а тарло царна.
Хууш дац, цу тайпа буьйр Нохчийчохь лелаш ду я дац. Диллинчу хьасташкахь цунах лаьцна документаш хааделла дац.