ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къуръан Iамадойтуш ду Нохчийчоьнан Iедална лийначаьрга


Иллюстративан сурт
Иллюстративан сурт


"Осал Нах 95" телеграм-чатехь Нохчийчоьнан куьйгалхой емалбина нах кхетош-кхиош бу, Къуръан а Iамош, яздо "Кавказ.Реалиин" портало, цхьана лаьцначу стеган нанас бинчу хаамна тIетевжина.

Охан-беттан 4-чу дийнахь дуьйна дIавигна ву цуьнан кIант. "Социалан машанашкахь яржийний хаьа суна, цо шена гечдар доьхуш, дIаязйина видеоролик, амма цуьнга хьажа ницкъ ца тоьира суна. Сан йоьIаршна гина. Адвокаташка ца девлла тхо, кхин тIе а вон дарна кхоьру цунна", - дийцина нанас.

Шена кIант ган лууш, иза лаьцначул тIаьхьа полицин декъе яхна а хиллера нана. "Полисхоша шаьш кхетош-кхиоран болх бу цуьнца дIахьош, иза Къуръан Iамош ву, элира соьга. Делахь а кхоьруш ю со, дийна цIа мукъане а вогIур велара", - боху йоьхначу нанас.

Полицин декъера комментари эца гIиртира "Кавказ.Реалии", амма, белхахой Марха достуш бу, балхахь стаг а вац аьлла, жоп делира.

Карладоккху, Охан-беттан юьххьехь Iедална муьтIахь болчийн телеграм-каналехь зорбане яьхнера бархI кIанта а, цхьана йоIа а гечдар доьхуш видеороликаш. "Осал Нах" телеграм-чатехь йозанаш динера шаьш, меттигерчу хьаькамашна луьйш аьлла, мукIарло динера цара. Гергарчийн хаамашца, уьш берриш лецна латтош бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG